Мероприятие «Бовза беза нохчийн мотт».

11.02.2023
" Шен ненан мотт халкъо сий ойуш 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц". ( Мамакаев М.) Хууш ма - хиллара, 2023 шо вайн Мехкан куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Турпалхочо Кадыров Ахьмад - Хьаьжин Рамзана шен омрица " Нохчийн меттан шо" аьлла д1акхайкхина. Цунна лерина, чиллин беттан 11-чу дийнахь, Червлёнски №2 йолчу ишколехь д1адаьхьира " Бовза беза Нохчийн мотт" ц1е йолу цхьанакхетар. Ненан матте болу безам ч1аг1беш, и т1аьхьарчу т1аьхьене д1акхайкхор х1ораннан а декхар лоруш к1оргера чулацам болуш дара цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира ишколан дешархоша а, хьехархоша а. Матте йолу шайн шовкъ, цуьнга болу безам дешархоша схьагайтира шаьш йоьшучу байташкахь, олучу иллешкахь, гойтучу суьрташкахь. Иштта къовсадаларш д1адаьхьира хьехархошна юккъехь а. Цхьаьнакхетар дерзийра хьешашка дош даларца, ишколан куьйгалхочо Хизриева Седас гулбелларш декъал а беш, хьехархошка дешархойн маттаца йолу з1е тесна а ца йуьтуш, цу т1е тидам алссам бахийтарехь т1едиллар а деш.